Шина гΙалгΙачунна хенаш тоьхна ХΙирийчохь


ХΙирийчоьнан Лакхарчу кхело 13,5 шо хан кхайкхийна набахтехь такха гΙалгΙайчунна Галаев Бекьханна. Иза бехкевина Несарахь прокуратурана а, аьчка некъан урхаллана а, къаьркъа духкучу туьканна а тΙелатар дарна. Цуьнца цхьана стохка лецира кхин цхьаъ а – Дидигов Юнус. Амма цунна йинчу кхелан сацам ца бовзийтина хΙинцца бен.

Ши кΙира хьалха набахтин луьрачу хьелашкахь даккха 15 шо кхайкхийна Дидиговна а. ТаΙзар тΙех луьра а лоруш, лакха арз дан дагахь бу шина а гΙалгΙачун адвокаташ, яздо «Коммерсант» газето.