Маьждигашна чу ягоргаш кхуьссу Оьрсийчохь

Яханчу буса Волгоградера маьждиган корахула чукхоьссина, йогург йолу шуьша. ЦIе ца яьлла. Оцу хьокъехь долийна бехк-такхаман гIуллакх ду.

Цул а хьалха а кхоьссинера бевзаш боцчу наха чохь ягорг йолу ши шуьша, Волгоградера исламан организацин куьйгалхочуьн доларчу хIусаманна чу. Яьлла цIе цо ша дIаяйъинера.

ГIадужу-беттан 21-чу дийнахь Волгоградера автобусана чохь хиллачу эккхаро ялх стаг вийра, кхин а 50-нна тайп-тайпана чевнаш хилла.

Эккхийтар динарг ю боху Дагестанера яхархо, хиджаб лелош хилла Асиялова Наида.