ГIажарийчохь ирхоьллина дозанхошна тlелатар дина 16 тIемало

ГIажарийчоьнан Пакистанца долчу дозанехь тIелатар дина, 14 гIажарийн дозанхо вуьйш, пхеанна чевнаш йина 16 тIемало ирхоьллина ГIажарийчохь.

Систан-Белуджистан провинцин юстицин министр волчу Маризех Мохьаммеда хаам бина, дозалардорхой байъарна тахана Iуьйранна набахтехь ирхоьллина 16 стаг, аьлла.

Цо бахарехь, тIемалошна варе динера, муьлхха а дина тIелатарш таIзар доцуш, дуьсург ца хиларна.

ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Iабдулла Iелас бахарехь, кIело йина, байъина бу дозалардархой. Кхин аа кхоъ, йийсаре лаьцна, пакистане дIавигина.