Пакистанерчу тIалибашца барт лоьху Кабуло


ОвхIанистан Iедал кечлуш ду Пакестанан лаьттанаш тIера схьа шена дуьхьал тIемаш бечу тIалибашца бертан къамелаш дан. ТIалибийн лидерех волчу Барадара-моллица хила дезаш ду президентан Карзай Хьамидан векалийн цхьаьнакхетар. Оцу хьокъехь барт хилла шинарий дийнахь Лондонехь вовшахкхеттачу Пакистанан премьер-министран Шариф Навазан а, Карзай Хьамидан а.