Жириновскийн партера уьдуш бу нохчийн декъашхой

Your browser doesn’t support HTML5

Кавказ аьчка серашца дIакъовла еза, ткъа цигарчу нахана доьзалш дебор дехка деза, аьлла, кIира хьалха телехьожийлехула Оьрсийчоьнан либерал-демократин партин лидера дина къамел ца тайна оцу партехь болчу нохчашна - уьш дIабуьйлуш бу цигара. Оццу сацам тIе веъна партин Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Шамсадов Iадлан а.