Иракъо гIо доьху Ал-Къаидана дуьхьаллатта


Иракъан премьер-министрца ал-Малики Нурица къамел хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Барак Обамин пIераскан дийнахь Къайчу ЦIийнехь. Йийцарехь хиллачу теманех цхьаъ яра Иракъерчу Iедална Ал-Къаидан ницкъашна дуьхьалдаккха герз а, эскар а ца тоьаш хилар.

Дахначу кIиранах Иракъан парламенто бехке дира шайн Iедал махкахь террор яржийтарна. Премьер-министра ал-Маликис тобанашка бекъна иракъхой, оцо аьтто бо Ал-Къаиданна чIагIъяла а, шиIаташний, суннаташний юкъа цим тийса а, аьлла, кху кIиранан юьххьехь президенте Обамига арз дира БагIдадерчу сенаторша.