Ахча бахьанехь накъосташца цхьана шен доьзалера кхо стаг вийначу 17 шо долчу жимчу стеган кхел йирзина Волгоградна гена йоцчу Советски кIоштахь. Шеца цхьана шен кхо накъост а эцна, ши миллион сом гергга доьзало банкехь кхобу ахча дIадаккхархьама, дечкаш етташ, уьрсаш Iуьттуш вийна цо шен да, десте, цаьрца еха дестечун нана, валанза висина ваша.
9 шарера 14 шаре кхаччалц кегийрхойн набахтехь такха хан тоьхна зуламхошна, «Керланаш» цIе йолчу агенталло хаам барехь.