Женева-2 маца хир ю хууш дац

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин а, Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а барт ца хилла Шемара хьал дийцаре дан Женевехь хила езаш йолу Женева-2 олу шолгIа конференци дIаяхьарх лаьцначу хаттарехь. Цуьнах лаьцна хаам бина Шинарийн дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин а, Iаьрбийн пачхьалкхийн Лигин а леррина векал волчу БрахIими ЛахIдара.

Цо дийцарехь, церан аьтто ца баьлла конфренци хир йолу де билгалдаккха. БрахIимис дийцарехь, Шемара кризис дIаерзо аьтто хир бац политикан а, дипломатин а г1улчашца а бен.

Оьрсийчоьнан векло Гатилов Геннадис шен агIор дIахьедар дина, конференци хир йолу де билгалдаккха шайн барт ца хиларан бахьана ду Цхьанатоьхначу Штаташна дийцаршна юкъа ГIажарийчоь йита ца лаар аьлла.