Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн Кхело Оьрсийчоь бехке йина Нохчийчура кхо стаг тIепаза вайарна

Нохчийчура бахархоша чубеллачу рогIера латкъаман хьокъехь сацам бина Еарин дийнахь Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн Кхело. Оьрсийчоь бехке йина 2000-чу шарахь Охан-беттан 17-чу дийнахь кхо стаг нуьцкъала тIепаза вайарна.

Оьрсийчоьнна латкъам бинарш Бопаева а кхин берш а боху Дагаева (Бопаева) Лиузийн а, Хайсумов Шарипан а, Алаудинов Рамзанан а гергара нах бу. Уьш дIалийцинера 2000-чу шарахь Охан-беттан 17-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь Ветеренарная урамехь. Цул тIаьхьа уьш дIабигина хилла Октябр кIоштахь йолу ВОВД олучу ханна кхоьллинчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъе.

Дагаева Луиза берах йолу 4 бутт а хилла. Тешаш дийцарехь, царна гина ши стаг а, берах йолу зуда а ВОВД-ан кертахь. Масала, цунна тоьшалла дина оццу милицин декъехь къиза хьийзийна волчу Садыков Iалавдис.

ХIокху гIуллакхехула Европерчу Кхело сацам бина, ваха йолу бакъо кхаа стеган йохийнера, уьш лохуш оьрсийн Iедалша хIумма а ца динера, аьлла.
Латкъамхошна хIинца гIуда такха дезаш ю Оьрсийчоь 192 000 евро барамехь.