Ма гIерта Мусаев Мурадан сий дожо!

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийчуьрчу жигархоша Iедалера пурба доцу гулам хIоттийра шоьтан дийнахь Соьлж-ГIалахь Оьрсийчоьнан талламан комитето бехктакхаме ийзочу адвокатан Мусаев Мурадан агIо лоцуш. Кадыров Рамзанан лаамца полицино ницкъаша дIасалаьхкина гуламхой. Профессионало баьккхина бацахь а, кху гайтамо тоьшалла до нохчий Москохна резабоцийла. Гуламаш кхин а дIабахлур бу, чIагIдо полицино дIасалаьхкинчу наха.