ГIажаройчохь хало лов ОвхIанистанерчу мухIажирша


ГIажаройчуьрчу ОвхIанистанан мухIажирийн бакъонаш талхош ю меттигерчу Iедало, аьлла хаам баржийна адамийн бакъонаш тергонехь латточу ХIьюмен Райтс Вотч-юкъаралло. Шен Кабулехь араяьллачу рапорта тIехь цо бехкейо ГIажаройчоь эзарнаш овхIанхой махкара арабахарна. Рапорто бахарехь, кхераме ду овхIанхошна ГIажарочоьхь баха, дукха нахана, цигахь шерашкахь баьхннашехь, ца елла мухIажирийн статус.