18 стаг вийна Къилбаседа Кавказехь даханчу кIиранах

Лаххара а 18 стаг вийна даханчу кIиранах Къилбаседа Кавказехь дIайоьдучу тIеман конфликтехь. 4 чевнаш йина ву. Цунах лаьцна хаам бо «Кавказский узел» интернет агенталло, ша беш болчу талламана тIе а тевжуш. Байинчерна юкъахь ву Дагестанера кхо милцо а, кхо маьрша стаг а, ГIебартойн-Балкхаройчура 2, ГIалгIайчура цхьа стаг а, ткъа иштта, Iедалша тIемалой бу аьлла цIе тоьхна волу, 12 стаг а. Царах 10 стаг Дагестанер а, шиъ ву ГIебартойн-Балкхаройчура.