Iедал дIахеца дагахь бац Шеман куьйгалхой

Шеман Iедалш реза хилла Женевехь хир йолчу дуьненаюкъарчу конференцехь дакъалаца. И форум хила езаш ю тIедогIучу шарахь Дечкен-баттахь.

Цигахь дакъалаца реза а хилла Шеман Iедалша тIе ца дитина президенте Асад Башаре дарж охьадилла бохург. Димашкъан векло дIахьедар дина, шайн делегаци Женеве Iедал дIадала яха дагахь яц аьлла.