Кхаарин дийнахь ОвхIанистанехь, Фарьяб-провинцехь, вийна Техникан цхьаьнакъахьегаран а, кхиаран а агенталла олучу Францерчу гуманитаран организацин 6 белхахо.
Уьш берш меттигера бахархой бу. Фарьябан губернаторан векло дийцарехь, и нах байина тIалибаша, Майман гIалара Алмар эвла боьлхуш.
Францерчу организацино емал дийна шайн белхахой байар. ОвхIанистанехь 34 гIишло еш ю и организаци. Цу юкъаозийна ву 860 меттигера вахархо.