Радикалан шиIатийн «Хьизболлаъ» тобан куьйгалхойх цхьаъ Хьасан Хауло аль-Лакис вийна Бейрутехь

Радикалан шиIатийн «Хьизболлаъ» тобан куьйгалхойх цхьаъ Ливанехь вийна аьлла хаам бина, ша цу тобано. Цуьнан хаамца, Хьасан Хауло аль-Лакис кхаарин буса Бейрутехь вийна, шен хIусамна уллехь. Иза вер Израилна тIедуьллу тобано.

«Хьизболлаъ» тобан лидерна Хьасан насраллана уллера хилла Аль-Лакис.
2006-чу шеран аьхкенна тIехь «Хьизболлаъ» тобанца Ливанан къилбехь тIом бира Израило. Тiом боьдучу цхьана баттахь велира 1,200 ливанхо, коьртачу декъана, маьрша нах. Израилан агIора 150 стаг велира.