Кхин а цхьа гIаттамхойн лидер вийна Дагестанехь


Дагестанерчу Шемалан кIоштахь вийна меттигерчу гIаттамхойн лидер Халитов Мохьмад. И хаам баржийна антитерроран комитето. Хьебда юьртахь тIемалойн тоьла а карийна, цунан тIелеташ вийна Iедало Халитов. «Iабдулла» цIе лелош волу и гIаттамхо массех шо дара тIемалошлахь волу. Цуьнца хиллачу шолгIачун кхоллам хьахош бац антитерроран комитето, ткъа могIарчу наха тоьшаллаш до иза вийна бохуш.