Европе кхача дихкинчаралахь ши нохчо а ву


Европарламенто къобалйина ЕвроБертан пачхьалкхашка бахка доьхкучу Оьрсийчуьрчу хьаькамийн цIерш тIехь йолу резолюци. Iамерко тIеэцна долчу «Магнитскийн тептар» тIера бу уьш.

Европе некъ бихкинчу 18 –нан могIарахь ву ши нохчо а – Богатырев Лечий, Дукузов Казбеккий. «Магнитскийн тептаре» язбинчу нахана Европе бахка доьхкуш тIеэцначу резолюцех 4-гIаниг ю хIинца тIечIагIйинарг.

Iамеркахоша довзийтина ма-хиллара, оццу тептара язвина ву Нохчийчоьнан администратор Кадыров Рамзан а. Амма Европе цунна лела магадо я ца магадо Европарламенто цкъачунна хоуьйтуш дац.