Азин саммит дикачужаIашца йирзина


Японино а, кхечу массех Азерчу пачхьалкхо а барт бина вовшийн хIаваан а, хIордан а кеманаш лела паргIато яккхаран хьокъехь. Къилба а, Малхбален а мехкийн саммит йоьрзуш хилла и сацам.

Цо байбина Китайний, Япониний юкъахь тIаьххьарчу хенахь вовшашна гергара хIорд а, гIайреш а къуьйсуш баьлла хилла къовсам. Япони 20 миллиард доллар юхалург ахча дала дагахь ю саммитехь дакъалаьцначу пачхьалкхех эшначунна.