Ниццехь талор дина Красноярск-мехкан губернаторна цуьнан виллехь

Францехь Сирла-сийна бердехь талор дина Оьрсийчура Красноярск-мехкан губернаторна Кузнецов Левна.

Муьлуш бу ца хуучу наха цунна травматикан тапча а тоьхна, цуьнан зудчуьнан коьртах чхьонкар а тоьхна, церан виллера дашо хIуманаш дIаяьхьна ши бIаь эзар евро механа.

И зулам толлуш ю Ниццера полици.