Маса тоьпан да Калашников кхелхина

Маса топ кхоьллина волу герзан говзанча Калашников Михаил кхелхина Оьрсийчура Ижевск-гIалахь. Дуккхаза а дийцинера, дерриг а дуьненанхь Оьрсийчоь 4 билгалонца евзаш хилар: къаьрканца, матрешкица, Iовца, Калашниковн маса тоьпаца а.

2007-чу шарахь интервью луш Калашниковс аьллера, шен маса топ а лелош Iенначу инзаре дукха цIийна ша са ца гатдо. «Суна наб дика кхета. Барт ца карош болу политикаш бехке бан беза, цо ницкъ бойту», аьлла.