ГIорийначу оьрсашна орцах кхаьчна авcтралихой


Антарктикехь шано лаьцна кIиранах лаьттинчу Оьрсийчоьнан «Академик Шокальский» цIе йолчу хIордакеманчуьра мукъаваьккхина Австралерчу орцанхоша 52 стаг. Iилман-талламан экспедици ю 12 беракеманца шелонан лоллера яьккхинарг. Нийсса бIе шо хьалха Австралерчу Iилманчас Моусон Дугласа бина некъ бара Iилманчаша карлабаккха юьхьаръэцнарг, шайца журналисташ а, туристаш а болуш.