Бусулба дин тIеэца кхераме ду оьрсийчунна


Дагестанехь, ХIинжа-ГIаларчу цхьана меттигерчу вахархочо лохуш яра, еарийдийнахь Iедалан ницкъаша, ша цIера а валийтина, чуьра лаьцна, йигина шен зуда Дулевская Анастасия. Иза хIинца схьа а карийна, цIахь ю. Меттигера бакъоларъярхой реза бац, деккъа дIа оцу оьрсийн зудчо, ша дагестанхочуьнга маре яхча, бусулба дин тIеэцнера аьлла, Iедал оцу кепара шога иза зен арадаларна.