Ленинан рогIера монумент йохийна Украинехь

Полтаван кIоштахь Машевка олучу эвлахь муьлуш бу ца хуучу наха корта баьккхина меттигерчу администрацин хIусаман хьалха лаьттачу памятникан. Интерфакс-агенталло дийцарехь, и бахьана долуш милицно схьадиллина бехк-такхаман гIуллакх. ТIаьхьарчу баттахь алсамдаьлла Ленинан памятникаш йохор.

Баханчу баттахь Киевехь дуккха а адамаша дакъа а лоцуш дуьхьалонан акци дIахьош демонстранташа йохийра Бессарабин майданахь лаьтташ йолу Ленинан монумент. Оццу дийнахь йохийра Одессина гена йоцуш йолчу Котловка-гIалахь йолу Ленинан монумент а. Кхин а кхо де даьлча, Хмелёвое эвлахь куьг даьккхира цигахь лаьттачу Ленинан скульптуран.

Ткъа хIара бутт болалуш Житомир кIоштахь Бердичев олучу гIалахь йохийра школан кертахь лаьтташ йолу Ленинан памятник.