ГIажарийчоьнан президента РохIани Хьасана къамел хьажийна Швейцарерчу Давосе – дуьненан экономикан форуме – цхьа а мохк бац ша-къаьстина бахалуш, шен пачхьалкх кийча ю хьаьнцца а гергарло таса а, чIагIдан а, Iамеркаца а цхьаьна, аьлла.
Иштта цо дIахьедина, Шемара конфликт катастрофа ю, маьршачу харжамаша бен денйойла а дац, аьлла. ГIажарийчоьнан кхоллам, бахамалла къастош хIума ду зарратах маьршачу дахарехь пайда эцар, шайна оьшуш дац зарратан герз, шаьш кийча ду цуьнца доьзна а, иштта мехкдаьттах а, газах а долу а дийцарш дIакхехьа, аьлла.