Дуккха а адамаш дайина Иракъехь

Иракъехь тIемалоша транспортан министраллана тIелатар дина БагIдадехь. И бахьана долуш вийна 18 стаг. Цу тIелатарехь дакъалоцуш хилла лаххара 6 стаг. France-Presse-агеталло бинчу хаамца, уьш берш а байина. Оццу хенахь БагIдадехь базарна уллехь ши эккхийтар а дина, вийна лаххара 6 стаг.

Анбар провинцехь Иракъан эскарш сацийна Рамади а, Фаллуджа а олучу гIаланашна тIе яккхийн тоьпаш еттар. Iедалан ницкъаш тIемаш дIахьуш бу цу гIаланашна Iуналла дечу тIемалошца. ХIара бутт болабелчхьана Иракъехь цхьацца тIеман хиламашкахь вийна 900 сов стаг.