Женевехь жамI доцуш дирзина шемахойн дагадовларш

Женевехь дIайирзина Шемахь тIом бечу шина агIонан векалийн дагадовларийн хьалхара раунд. Царна юкъарло лелош вара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин а, Iаьрбийн пачхьалкхийн Лиган а леррина векал волу БрахIими Лахдар.

Дийцаре динарг дара тIемаш совцор а, ханна аьлла Iедал кхоллар а, гуманитаран гIо-накъосталла дIакхачор а. Хаамийн агенталлаш дийцарехь, цу хаттаршкахь барт бан аьтто ца баьлла шина агIонан. ШолагIа раунд дIайолалур ю Чиллан-беттан 10-чу дийнахь.