Юха а кхелана хьалха хIоьттина Мурси

Мисаран президентан даржера вохийначу Мурси Мухьаммадана тIехь кхел яра юха а доладелла КъахIирехь. Мурсина а, махкахь йихкинчу «Бусулба вежарий» партера цуьнан 14 накъостана а бехке дуьллуш ду 2012-чу шарахь президентан гIишлонна хьалха гулбелла демонстранташ байийта гIортар.

Ткъа цус сов дуьхьалонан акцеш хиллачул тIаьхьа эскархоша даржах вохийна волчу Мурсина бехке дуьллуш ду кхин а масийтта зулам. Царна юкъахь ду политикан оппоненташ байийта гIортар а, махкана ямарт хилар а, кхидерш а. ПIераскан дийнахь Мисарахь тасадаларш хилира дуьхьалонан акци дIаяхьа гIоьртинчу Мурсин агIончийн а, полицин а.