«Сочи. Олиампиадан хIазаршна тIехьа набахтанаш»

«Сочи. Олиампиадан хIазаршна тIехьа набахтанаш» цIе йолу акци хилла Шоьтан дийнахь Парижехь. Цуьнан декъашхой шаьш реза ца хилар гойтуш бара Оьрсийчохь махкахойн бакъонашна эшам беш хиларна. И акци хилира Парижан 19-чу гонехь йолчу Сталинград цIе йолчу майднахь.

ТIедогIуш догIанца ло а долуш, шийла де хиллехь а, цу митинге веанера 200 сов стаг. Церан Iалашо яра Парижан бахархошна а, хьешашна а дагадаийтар Олимпиадина кечлуш Оьрсийчоьнан Iедалша адамийн бакъонаш хьешна хилар.