Facebook социала машанан 10 шо кхаьчна

ХIокху дуьнентIера миллиард стага лелош болу, уггар боккха социалан маша - Facebook – тахана шен итт шо кхачар даздеш бу. ТIаьхьара деана ши шо уггар кхиаме дара цу кампанина. eMarketer олучу компанин хьесапехь, Google тIаьхьа шолгIачу меттехь ю Facebook, электронан рекламех сА йолучех.