ПрахIа-гIала вогIучу Януковичана хьошалла дийр дац гIалин Iедалша

ПрахIа-гIалин Iедалш дуьхьала ду, Охан-баттахь ПрахIа-гIала вогIучу Украинан президентана Янукович Викторна хьошалла дан. Чехин республикан коьртачу гIалин мэро Гудечек Томаша дIахьедар дина, Янукович вогIу аьлла, цхьа а хIума дийр ду аьлла билгалдаьккхина а дац, гIалин ратуше а кхойкхур вац Янукович, аьлла.

Мэро бахарехь, Украинан оппозицина гIортор а йина, царна гIо-накъосталла деш билгалдаьккхина 25,000 доллар.