Олимпиадехь хьалхара дашо мидал яьккхина Iамеркера атлето

Сочехь дуьйладеллачу Олимпан ловзаршкахь хьалхара дашо мидал яьккхина ло-у хохкучу Iамеркерчу атлето Котсенбург Сейджа. Иза дакъалоцуш хилла Олимпиадехь дуьххьара дIахьош долчу слоупстайлан кепехь къовсадаларехь. ШолгIа меттиг яьккхина Норвегерчу Санбек Стаала. КхолагIчу меттехь ву Канадера атлет Макморрис Марк.