Дуккха а нах байина Киевехь

Официала долчу терахьца 67 стаг вийна Еарин дийнахь Украини коьртачу гIалахь Киевехь Незалежности майданахь. Ткъа оппозицин векалша дийцарехь и терахь кхин а лакхара ду. Нах байуш герз леррина хьежа а деш диттина хилар чIагIдо майданехь латташ болчу наха.

Оппозицин лидерша Яценюк Арсенийс а, Кличко Витайлис а, Тягнибок Олега а кхайкхам бина Iедалшка махкахь ницкъа бар кхин а чолхечу ца даккха милцошна герз далар сацаде аьлла.

Машар бохорна а, майданахь тасадаларш юхадолорна а цара бехке дина Iедалша.