Немцов Борис, Навальный Алексей 10 а, 7 а денний-буьсаний набахте хьажийна Москохара Тверской кхело

Оьрсийчура оппозицин векалшна Немцов Борисний а, Навальный Алексейний а иттий, ворххIий дийнахь-бусий набахтехь хан яккхар тIедожийна Москохара Тверской Кхело. И шиъ бехке вина полицин векалша аьлларг ца дарна.
«Болотная тутмакхашна» гIортор еш, Манежная майданехь хиллачу акцехь лаьцначу 420 стагаца лаьцна вара и ши оппозин векал а.

Оццу шинарин дийнахь Петарбухехь, кхелан хIусамехь дIахеца болийра, Iедалийн пурба доцуш, Чиллан беттан 24-чу дийнахь «Болотная гIуллакхехула» чубухкучарна гIортор еш дIаяьхьначу акцехь лийцинарш а. И аьлла дIахьедар дира адвоакто Идрисов Динара.

Полицин хьесапехь, цу акцера 60 стаг лаьцнера, полицино аьлларг ца дарна а, митингаш дIаяхьаран къепе йохорна а, бехке вина.