Халкъера ялъяккхарца дика ларабо нохчийн хьакамаш


Дахначу шарахь Нохчийчоьнан бюджете Iедало махкахошкара гулйина 12 миллиард сом сов ял. Оцу хьокъехь хаам бина Цамаев Мовсар коьртехь волчу ялгулъяран инспекцино. Кхин а шо хьалха гулйинчу йолал лакхара бу и барам. Кхушара а, кхийолчу хенахь а, шен урхалло кхелашкахула бен болх алссам а боккхуш, схьайоккхур ю нахера йоггIу ял, боху прессехь Цамаевс.