Палестина, Израил бертаяло вахана Керри


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретар Керри Джон Урдунерчу Акхабе вахана Урдунан паччахьца Iабдаллица Малхбалера машар бийцаре бан. РогIехь йоцчу визитан Iалашо ю Израиланний, Палестинанний бертан дийцарш тIебогIу бутт бале дикачу жамIашца дерзон аьтто бар.

Кху кIиранах ша Вашинтоне вахна волуш Израилан премьер-министра Нетаньяху Беньямина шайна лаьа барт хилийта, амма цкъа хьалххе Палестино даредан деза Израил пачхьалкх хилар а, цуьнан лаьтта тIе палестинахой баха ховшур ца хилар а бохура. Ткъа Палестинан лидер Iаббас Махьмуд, шен къоман лаьтта тIера дIаяха еза израилхойн ярташ, тIаккха бен кхолла аьтто бац палестинахошна шайн пачхьалкх бохучу тIехь ву.