Оьрсийчоь шайна кхераме хета Iамеркахошна

Оьрсийчоь Цхьаьнатоьхначу Штаташна баккъалла а кхераме ю аьлла хеташ бу дукхах болу Iамеркахой. Иза гойтуш бу CNN телекомпанино а, ORC International олучу консалтинган фирмо а бина таллам.

Цу талламца а догIуш, Оьрсийчоьно шайна кхерам бохьу аьлла хеташ бу 69 процент Iамеркахой. Ши шо хьалха цу тайпа ойла йолуш 49 процент нах а бен бацарар Iамеркехь. Цу хаттарехь дакъалацначу нахана Оьрсийчоьнал а шайна кхераме Къилбаседа Корей а, ГIажарийчоь а бен ца хета.

Оццу талламца 80 процент бахархошна хетарехь, Оьрсийчоьно дуьненаюкъара низамаш дохийна Украине эскарш а хьажийна.