Оьрсийчоьнах кхета лууш ю Днестр Хина Йистера Республика а

ГIирман тIаьххье, Оьрсийчоьнах кхета лаам гIарабаьккхина Днестр хина йистерчу республикано а. Къобал ца йинчу цу республикан Лакхарчу Кхеташоно дехар дина Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ДУМАн спикере Нарышкин Сергейга, оьрсийн низамашкахь и тайпа аьтто лахахьара, аьлла.

Хьалхуо, «Нийсонан Оьрсийчоь» партино кховдийначу низаман проектаца а догIуш, Оьрсийчоьнах кхета йиш ю керлачу латтийн. Мухха делахь а, даханчу оршот дийнахь и проект юхаозийнера. Амма цу тIехь кхин а хийцамаш бина, юхакховдор йолуш ю.