Лакхарчу хIусамо и сацам тIечIагIбийр бу пIераскан дийнахь. Украинах ГIирма дIахадор, низам талхор а лоруш, емалдо Iамерко а, кхечу Малхбалернчу а пачхьалкхаша.
Думехь сацам кечбечу юкъанна къамел динчу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс бохура, «Оьрсийчоьнан а, ГIирмин а къаьмнаш вовшахкххетар пайде ду шина а агIонах хиндолчунна».
Цо бахарехь, «низамехь дац Европан Берто а, Цхьанатоьхначу Штаташа а Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яхар». Оцу юкъанна Женевехь къамел деш Украинан Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу векала Клименко Юрийс дIахьедина, Оьрсийчоь кечлуш ю тIамца Украинера цуьнан малхбалера а, къилбера а къошташ дIаяха, аьлла.
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Европан Барто а Оьрсийчоьно ГIирмехь лелийначух аннекси, латта дIададаккхар, аьлла. И бахьанехь санкцеш кхайкхийна оьрсийн, украинхойн а Iедалера стоьландайшна дуьхьал. И санкцеш кхин а шоръян тарало.