Санкцеш кхайкхаяхь, ПАСЕн сессера дIагIур ю аьлла оьрсийн делегацино

Цхьа а тайпа санкцеш яхахь, оьрсийн делегаци ПАСЕн сессера дIагIур ю аьлла дIахьедар дина журналисташка, Оьрсийчоьнан ПАСЕра делегацин куьйгалхочуьн когаметто Слуцкий Леонида.

«Ур-атталла, вистхила йолу бакъо дIайоккхуш, кIеда санкцеш яхахь а, Ассамблейн позицица реза ца хилар гайтан а дIагIур ду шаьш. Амма коьртачу досьена тIехь болх беш а, политикан группашна а, комиссешнаа тIехь иза хаалур дац», - аьлла билгалдаьккхира цо.