Европан Комиссино кхайкхам бина Кремле, шен газаца боьзна берташ кхочушбе, аьлла

Украино газах долу декхар $ 2,2 млрд дIа ца лахь, Европана кхерам хир бу, аьлла оьрсийн президента путин Владимира дIахьедар динчул тIаьхьа, Европан Комиссино кхайкхам бина Кремле, шен газаца боьзна берташ кхочушбе, аьлла.
Брюсселехь, Комиссин зорбан-секретаро Аренкилде Пиас дIахьедар дина пIераскан дийнахь «Европа тешаме газ оьцу клиент ю, тхан йохкархоша а шайн декхарш кхочушдийриг хиларх теша лаьа», аьлла.

Вошингтонехь визит дIахьуш волчу Германин финансийн министро Шойбле Вольфганга а дIахьедар дина оццу дийнахь, Киевна гIо дан хьажа еза Малхбузе, цуьнан декхар дIалуш. Украино бахарехь, иза реза яц, Оьрсийчоьно газах хIиттийначу керлачу мехашна.

Цул сов, иза хьожуш, йораха газ Европера эцалой. Украинан энергетикан а, кIоран индустрин а министро Продан Юрийс дIахьедар дина, Оьрсийчоьно газах мах лакхабаккхарна хьокъехь СтокхIолмерчу Арбитражан Кхеле ер ю шайн пачхьалкх, аьлла.