Къилбаседа Кавказ кхиоран министралла кхоьллина Путина

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дина Къилбаседа Кавказ кхиоран министралла кхоьллина ша аьлла. Цо дийцарехь, иза кхоллахьара аьлла цуьнга дехар динарг ву премьер-министр Медведев Дмитрий.

Медведвна хетарехь, керла министралла оьшуш ю федералан Iедалан тидам Къилбаседа Кавказ кхиорна тIебахийтар Iалашонца. Сочехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Путин Владимира керлачу министраллан куьйгалхо хIоттийра Красноярск-кIоштан губернатор Кузнецов Лев.