Луганскера «халкъан губернаторна» тIелатар дина

Оьрсийчура зорбана гIирсаш хаам бина Луганскан республикан «халкъан губернатор» ву бохучу стаганна Болотов Валерийна вен дагахь тIелатар дина аьлла. Ша пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначу «Луганскан халкъан республикан» векло Никитин Василийс Интерфаксе дийцарехь, Болотовна тIелатар дина Шинарин дийнахь 11 сахьт долуш. Иза чевнаш а йина клинике охьавиллина ву. Никитина ч1аг1до, дуккха а цIий ихинехь а, Болотовн дахар кхерамехь дац бохуш.