Украинехь сепаратистийн тIеман могIаршлахь 14 нохчо вуйла хаьа шена, царех цхьаъ велла, виъ лазийна, хаам бина Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана. Амма кIира хьалха Украинехь Нохчийчуьра вахана цхьа а нохчо вац баьхначу цо хьахийна хIинца терахь а лахара ду аьлла хета тергамчашна.
Махкарчу бахархоша хаамийн гIирсашка, иштта Маршо Радионе а бечу хаамаша гойту, Украинера махка дуккха а кегий нах дIабохка балийнийла а, декъеш цIехьакхачон аьтто боцуш дуьсийла а.