Славянскехь тIемаш беш ду Украинин эскар

Герзаца болчу сепаратисташна дуьхьал тIеман операци дIахьош ду Украинин эскарш Донецкан кIоштахь йолчу Славянск-гIалахь. Жигара тIемаш ду дIадоьлхуш Красный Лиман олучу гIалина гонаха. Цига тIеоьзна ю 40 гергга Украинин гIагIдиллина тIеман техника.

ТIеман кеманаша а, беркемано а ракеташ йиттина Славянскан лулахь йолчу Семёновка олучу меттигана. Славянскан халкъан мэр ву ша бохучу стага Пономарев Вячеслава хаам бина Интерфаксе, гIалина тIейоьгIуш танканийн ши ковр ю аьлла.

Славянскана гонаха тIемаш хилар бакъдина Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена.