Дагестанехь иккхинчу машен чохь 3 стаг велла


Дагестанерчу Гунибан кIоштахь, Купа-Гуниб новкъа тIехь йоьду машен эккхийтар бахьана долуш кхо стаг велла, мехкан полицино хаийтарехь. Оршоьтан буса 3 сахьт долуш хилла бохам. Декъий даьгна, ца девзучу довларна, белла нах билгалбахар дахделла. Бомба иккхинчу машен чохь хилла хир ю аьлла хета полицина.