Иракъехь Мосул а, Тикрит а шайн караэцна тIемалоша


Иракъехь Ал-Кхайдица зIенашкахь болчу тIемалоша, шаьш дIалаьцначу Мосул-гIалахь Туркойчоьнан векалтера лачкъийна дипломаташ. Иракъан полицин хаамна тIе а тевжаш, Франс-Пресс агенталло дийцарехь, туркойн консул а, 24 цуьнан белхахо а ву вайна.

Шаьш жихIадехь лоручу тобанаша Иракъехь шолгIа гIала ларалуш йолу Мосул а, иза юкъайогIу Ниневи-провинци а яьккхина, массех дийнахь тIом а бина. МухIажиршна гIодечу дуьненаюкъарчу организацино хаам барехь, гIалара ведда ах-миллион вахархо.

БагIдадо догдоху, Мосул тIемалошкара схьайоккхуш, цунна гонаха бехачу курдоша шена гIодаре. Иштта ду Иракъан арахьарчу гIуллакхийн министра Зибари ХIошияран дIахьедар.

ТIаьххьара кхаьчначу хаамашца тIемалоша долаэцна кхин цхьаъ, йоьалгIа гIала а – Тикрит.