Иракъехь Iедалера гIаланаш дIайохуш бу гIаттамхой


Иракъерчу шиIатийн лакхарчу имама ал-Систани Iелас пIераскан рузбанахь гIазот кхайкхийна, шиIаташка герз караэцар доьхуш, шайн махкахь кху деношкахь массех гIала тIемалойн караяхарца доьзна. «ШахIид хир ву мохк ларбан а, доьзал къелхьарабаккха а, ша Iалашван а араваьллачохь кхелхинарг» - бохура цо БагIдадан юккъерчу маьждиге рузбана баьхкинчаьрга.

Суннатоша-тIемалоша Мосул а, Тикрит а йоцурш, кхин а ши гIала дIалаьцна Иракъехь – Саади а Джалавле а, Дияла кIошт. Дош делла гIаттамхоша БагIдад яккха а. Коьрта шахьара чIагIъеш бу Iедалан тIеман ницкъаш. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу комиссара Пиллей Навис «боккха сингаттам бу» аьлла кхайкхийна Иракъехь хьал эшар.