49 эскархо а вуьйш, кема чудаийтина Украинехь


КIиранде тезетан де кхайкхийна Украинан президента Порошенко Петрос мехкан малхбалехь Оьрсийчоьнехьа болчу ницкъаша тIелатар а дина, кирлелабен хIаваан кема чудожорца доьзна. Киево тIечIагIдина, герзах яьхна йолчу Луганскерчу тобанаша меттигерчу аэропорте кхочуш, латта-хIаваъ олу ракета тоьхна, чудаийтинчу цу чохь 49 эскархо кхалхар.

«Украина догдоьхна ю, амма оха ца хеддаш бо машарбарехьа болх», элира шоьтан дийнахь Порошенко Петрос. Оцу юкъанна сепаратисташа даржийна, шаьш Украинан эскаршкара бомбанаш кхуьйсу кема а дожийна Донецкана гена йоцчу Горловка-гIалахь аьлла.