Донбассе гIо хьажийна гIалгIаша


40 тонн сагIийна вовшахтоьхна дааран кир хьажийна Украинехь сепаратисташа лаьцна латтаечу Донбассерчу гIаланашка Луганске а, Донецке а ГIалгIайчоьно, хаам бо президентан Евкуров Юнус-Бекан гоно. Дийцарехь, кир дIакхаьчна, иза дIа а гулбой, Донбассе кхачочу метте – Украинаца доза долчу Ростов-махка.