Ялташна зен хилла Нохчийчохь


Йочанаша алссам ялташ хIаллакдина Нохчийчохь. Оцу бахьанийца гектар тIера хьалха 25 цетнере кхоччуша кIа схьаоьцуш хиллачу юьртабахамхошка ца лахьало 13-14 центнер а. ХIаллакъхилла ялташ шина а Мартанан а, Невран а, Шелковскан а кIошташкахь, Теркйистехь. Стохка а дайра махкахь ах гергга ялта цIоз латарца доьзна. Кхушара а лаьцнера цо иттех эзар гектар аренаш.